Главная Новости ОБРАЩЕНИЕ ПРЕЗИДЕНТА ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ Р.А. КАДЫРОВА к своим соотечественникам, проживающим за пределами ЧР (на чеченском языке)

Новости

ОБРАЩЕНИЕ ПРЕЗИДЕНТА ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ Р.А. КАДЫРОВА к своим соотечественникам, проживающим за пределами ЧР (на чеченском языке)

30.11.-1
 
ОБРАЩЕНИЕ ПРЕЗИДЕНТА ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ Р.А. КАДЫРОВА к своим соотечественникам, проживающим за пределами ЧР     

  АССАЛАМУ IАЛАЙКУМ, ХЬОМСАРА МАХКАХОЙ!


        Дуккха а баланаш лайначу нохчийн льатта  тlехь дlадахана бlешо чекхдолуш хилла девзаш долу бохаме гlуллакхаш бахьана  долуш шайна а,  шайн  гергерчарна а  кlелхьарадовла меттиг  лоьхуш, шайн  даймохк битина, шайна хийрачу  мехкашка  нисделла шу. Нохчийн Республикехь  бисинчарна Росси дийна  хиларан дуьхьа даккхийчу зерех чекхбовлуш, дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а хиллачу къийсамехь шайн дахар ца кхоош, шайгахь кхетам а карийра, ницкъ а кхечира машаре а, кхоллараллин  къинхьегаме а болу некъ лаха дуьйладала.  Дерриг халкъо а гiо лацар бахьана долуш Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас  чекхбаьккхина, берзийра вайн лаьтта тlехь Хилла тlом, шен дахар дlадаларца халкъана юхаберзийра нийсоно толам  боккхург хиларх болу тешам а, маьрша  хиндерг а.
         Тахана, вай  даккхийдедеш, цецдохуш, юхаметтахlитош ю йохийна, саьлнашкахь lаьхкина вайн  гlаланаш, ярташ  меттахlоттийна аэропорт, деш ду кхузаманахьлера хlусамийн  цlенош, больницаш,  ишколаш, маьждигаш. Уггар а генарчу    районащка дехкина  некъаш, газан,  электропередачийн линеш.  Лаккхарчу а, юккъерчу лерринчу а дешаран заведенешкахь доьшуш бу ткъе вуьрхlийтта эзар стаг сов студенташ. Нохчийн Республикан къоман культуран, искусствон векалша  боккхачу кхиамца шайн хьуьнарш гойту  дуьненан тоьлашха   йолчу сценин майданашкахь. Россин вовшахтоьхначу командашна юккъехь вайн махкахоша спортан лаккхара совгlаташ доху. Хlора де дийне даларца кхуьуш ду нохчийн халкъан-кхоллархо а, Даймохк ларбархо а долчу халкъан сий-ларам.  Нохчийн Республика инвесторша шайн ахчанаш юкъадахка угар а бегlийла лоручу Россин регионех цхьаъ ю.  Цо жигара дакъалоцу дуьненаюкъарчуй, регионашна  юкъарчуй экономически а, культурни а форумашкахь. Нохчийн Республикехь дуккха а гlуллакхаш дина дуккха а къамнийн халкъан цхьаалла  чlагlъяран, граждански юкъараллин баххаш дlахlитторан син-оьздангаллин мехалаллаш юхакхолларна.
         Россин Федерацин а, Нохчийн Республикан а куьйгалло дерриг а гlуллакхаш до шу Даймахка юхадерзарна хьелаш кхолларна. Федеральни центро а, Россин Президента  В.В.Путина ша а гlо дар бахьана долуш вайн иттаннаш, эзарнаш  махкахой юха а баьхкина, Нохчийн Республикехь санна, ткъа иштта Россин кхечу регионашкахь а дlанисбелла, баха хевшина.
       Хьомсара махкахой! Шу  миччахьа а хилча а, вайн юкъара цхьа lалашо ю-нохчийн халкъан цхьаалла  чlaгlъяр, вешан  орамаш: дин, гlиллакхаш, мотт – lалашдар. Со тешна ву шайн  дай баьхначу махкана генахь долуш шаьш  дехачу мехкийн закон а, культура а аш хьакъ   ма – дду ларйийриг  хиларх. Со  даггара тешна ву шайн даймехкан дахарехь  хуьлучу дикачу хийцамийн хьокъехь    йолчу  хаамийн материалашкара  Нохчийн Республика юхаметтахlотторан хьокъехь ма – дарра долу бакъдерг шуна девзарг  хиларх.

    Сунна лаьа  шун а,  шун гергарчеран а могашалла, токхо, машар  хуьлийла.
    Дала къинхетам бойла вайх!


Нохчийн  Республикан  Президент                      Р.А.Кадыров


    г.Грозный 23.11.2007 г.

1184 просмотра.

 
 
420107, г. Казань, ул. Павлюхина, д. 57, Дом Дружбы. Тел.: (843)237-97-99. E-mail: an-tatarstan@yandex.ru